伏天是什么意思
Насрудин Амандиевич Дабачхаджиев — нохчийн йаздархо, поэт, художник[1], Нохчийн Республикин исбаьхьаллин Сийлахь г?уллакххо. Цо чекхйаьккхина Волгоградан экономикин техникум а, Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультет а. Цо йазйо байташ а, дийцарш а нохчийн а, оьрсийн а метташкахь. Иштта цо суьрташ а дохку. Цо диллина дукха суьрташ масийтта исбахьаллин гайтамашкахь дара.
Насрудин Амандиевич Дабачхаджиев | |
---|---|
Вина терахь | 1947 шеран 12 апрель (78 шо) |
Вина меттиг | Карабалта, Жайылан к?ошт, Чуйн область, Г?ирг?азойн ССР, СССР |
Гражданалла: |
![]() ![]() |
Г?уллакхан тайпа: | Поэт, прозаик, художник |
Цо йазйинарш зорбан т?ейоху ?Орга? а, ?Нана? а, ?Вайнах? а журналашкахь а, ?Гумс? ц?е йолу к?оштанан газетехь а. Арахецна йу цуьнан гуламаш ?Волны моей памяти?, ?Шёл всегда прямым путем?, ?Останется слово?, ?Память?. Цо дукха эшарашна дешнаш йаздина. Иза Рамзан Даудов а, Абубакар Толхигов а, Денис Эльдиев а композиторашца цхьана болх беш ву[2][3].
Билгалдахарш
б?аьра нисйан- ↑ В Грозном отметили юбилей редактора журнала ?Нана? Лулы Куни
- ↑ Дабачхаджиев Амандиевич Насрудин Архивйина 2025-08-06 — Wayback Machine
- ↑ Журнал Вайнах № 5(Т?е цакхочу хьажорг)